Конкурс "Молодой Педагог -2020".
ЙИЛЛИН УРОК.
«Предложенин коьртаза меженаш»
ЙИЛЛИН УРОК.
«Предложенин коьртаза меженаш»
ЙИЛЛИН УРОК.
«Предложенин коьртаза меженаш»
ЙИЛЛИН УРОК.
«Предложенин коьртаза меженаш»
8 »а» чеченский язык Урокан ц1е: Предложенин коьртаза меженаш 1алашонаш: 1аморан: 1) Предложенин грамматически буххий, коьрта а, коьртаза меженашший, вовшах къасто 1амор. 2) Хаа деза, нохчийн грамматикехь оьрсийн санна подлежащи цахилар. Кхиоран: Керла дешнаш довзийтар, къамел кхиор, керла коьчалх кхетор. Кхетош-кхиоран: Нохчийн матте йозе болу безам кхиор, дешаре йолу шовкъ кхиор, деша-яздан 1амор, вовшашка ларам кхиор, хьехархошка, баккхийчаьрга ларам кхиор.
Урок д1аяхьар. 1 )Урокан болх д1аболор. Маршалла хотту, кечам бо хьехархочо, дешархошка кечам бойту. 2) Ц1еран болх таллар. Дешархошца цхьана толлу ц1еран болх. 3 )Керла коьчал йовзитар. Хьехархочун дош-вайн таханлера коьчал ц1е ю: «Предложенин коьртаза меженаш». Коьчал уьн т1е д1аязйо, бакъо д1айоьшу учебник т1ера, дикка кхетабо керлачу коьчалх дешархой. Массалш уьн т1е д1аязйо, дешархошка уьн т1ехь болх бойту.
Де дика хуьлда шун массери. Вайн тахана нохчийн меттан урок ю. -Шу тахана къаьсттина хаза ду, чохь ц1ена ду. Х1инца вовшашка хьовсий делало. Иштта хазахетарца д1айолийра ю вайн, вешан рог1ера урок.
1слайд) Арсанукаев Шайхин дешнаш.
«Йист йоцу х1орд санна, Бу хьуна шортта Ша хууш волчунна Вайн нохчийн мотт»
Ненан мотт бохург иза доккха х1ума ду. Вай халкъан кица дукх. «Мотт бу-къам ду, Мотт бац-къам дац». Оцу дешнаша хадош ду аьлла хета суна дерриге а.
-Ц1еран болх х1ун еллера аса шуна, массо а кхийтарий?
2 слайд) Нийса ду-нийса дац. Х1инца алал, х1ун 1алашо ю вайн урокехь д1ахьур ерг, коьчал муха хир ю вайн.
Бакъо д1айоьшу. Дешархой коьчалх кхетабо. Уьн т1ехь предложенешца болх бойту. 3 слайд) Синтаксически къастам. Уьн т1ехь къастайойту предложенеш.
Тобанашкахь болх. Предложенин коьртаза меженаш билгалйохуш, кхаа тобане болх бойту, уьш уьн т1ехь схьагойту. Дешархошка х1ора тобанехь шай мах хадабойту.
4слайд) Физминутка.
Яздеш доьшуш г1елделча. Айдеш куьйгаш лестадо. Хьалаг1овту, д1асахьовсу. Делалой тхо охьаховшу. Дешархошка шайга болх бойтуш, шардар кхочушдойту. Ледаро болчу дешархошка шайга болх бойту. Кхетош-кхиоран 1алашо.
Г1иллакхийн ц1ерпоштан билеташ. (х1ора тобанна г1иллакхех лаьцна хаарш таллар).
5 слайд) Жам1 дар. Вай тахана карлаехи коьртаза меженаш. Х1ун кхиамаш хили шуна таханлерчу урокехь? Урокан мах хадор. 5- 4- 3- 6 слайд) Ц1ахь бан болх. Бакъо коьртаза меженаш. Коьртаза меженаш юккъехь йолуш 6 предложени.
Рефлеси
-Со кхийтир массу х1умнех. -Со кхийтир, делахь юг1 урокехь кхиъ дика кхета хьожар ю. -Со ледар кхийтар.
|